
Хастам бу 1аламийн Дела волчу Аллах1ана, Цуьнгара къинхетам, маршалла хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадана, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а.
Цул т1аьхьа: боккъалла а, сийлахь долу Хьаьжц1а Аллах1ан маьрша ц1а ду...
Бусалба нехан дегнаш чу безам кхуллург ду иза, уьш дуьненан муьлххачу маь11ехь белахь а. Дийнаххьий, бусий пхоьазза цу т1е йоьрзу яххьаш а, дегнаш а, цхьаъ бен воцчу Аллах1ана хьаста а лой. Делан доттаг1чо Ибрах1има (Делера маршалла хуьлда цунна) иза доьттичхьана дуьйна, массо а меттера бусалбанаш Хьаьжц1а бог1у шайн хьаждаран ламасташ кхочушдан а, сийлахь долчу Хьаьжц1енна гонаш баха а. И Хьаьжц1а нахана уггар хьалха доьттина ц1а ду, цаьрга цу чохь, нийсонна а, билгал долчунна а т1ехь болуш, Далла 1ибадат ц1енчу (талхазчу а, г1алатло йоцчу а) кхетамца дайтархьама.
Сийлахь-Везачу Дала аьлла:
«Боккъалла а, нахана уггар хьалха доьг1на ц1а Баккахь (Маккахь) дерг ма ду, ша 1аламна беркате а, нийсо йолуш а долу. Цуьнгахь бу (Аллах1-Дела хиларна тоьшалла деш болу) билгала хаамаш - Ибрах1иман макъам (Ибрах1им пайхамар (Делера маршалла хуьлда цунна) д1ах1оьттина хиллачу меттиган лар), цу чу ваханарг тешаме хир ву. Дала адамашна т1едиллина ду, некъаца цига ваха аьтто болчунна, Хьаьжц1а вахар, ткъа керсталла диначунна, боккъалла а, Аллах1ан 1аламера оьшуш х1умма а дац». Сурат Алу 1имрана.