Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Дуьненан меха къонаха

Ахьмад-Хьаьжин беркатечу некъан лар
Деношна юкъахь деза пIераскан де. Соьлжа-ГIала шахьар.  Фарз духарца къовлабелла мехкарий го бIаьрг мел тоьхначохь, иштта –  вета болчу кучамашца кечбелла  божарий.  Уьш рузбанан ламазе боьлху, паргIатчу боларехь.  Синтеме ду церан бIаьргаш, яххьаш – екхаелла. Таханлерчу Нохчийчоьнан сибат ду иза, вайн муьлххачу  а юьртахь, гIалахь ган тарлуш долу. Цуьнга хьаьжча цхьамма а эр дац итт-шийтта шо хьалха нана-Нохчийчоь сийначу цIарах  йогуш яра, кхузахь тIеман кIуркIамани яра, халкъ, Дела воцург,  накъост воцуш, хьере хилла, шен къилбанах тилла, хIун дан деза ца хууш дара аьлла.  И къиза хьал меллалц дахлур ду  хууш стаг вацара.  Юьртара юьрта хьовха, лулахойн керта вахар а  маьрша доцчу цу хенахь, Делан лаамца, халкъан лазам, бала, гIайгIа, сингаттам шен  дагчохь а къуьйлуш иза тIеман цIергара даккха гIаьттира  цхьанна а дагахь хилла воцу  къонаха – Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
 Цо даррехь дIахьедира ша нохчийн   халкъ цхьаьнгга а хьийзадойтур дац,  вахабиташ шен луьра мостагIий  бу, Нохчийчохь уьш я ша бен хир вац, аьлла. Цу хенахь чIогIа майра дIахьедар хилла ца Iаш, ша Iожаллин кхерамна кIел хIоттор дара иза.  Цунах массарел а дика кхеташ вара Ахьмад-Хьаьжа. Делахь а, дагца йина чIагIо а,  нийят а дара  иза. Цхьаъ бен боцу нийса некъ а бар.  Къонахчун некъ.
И воцчуьнга лалур йоцчу харцонех, халонех, дуьхьалонех чекх вуьйлуш, нохчийн халкъ тIеман цIергара  даьккхира цо. Машаран байракх айбира. Махках бевлла гIело хьоьгуш берш  цIаберзо волавелира. Саьлшанкахь,  херцаршкахь Iохку ярташ меттахIитто, халкъ цхьаьнатоха волавелира.  Халкъ цунах тийшира. Цунна тIаьхьахIоьттира... Амма, байттамал-яI,  вайн ницкъ ца кхечир-кха иза   ямартхойн тешнабехках ларван... Цунах тешначу дийнахь   иза воцуш дисина халкъ  хьере хилла хьаьвзира, доьхна, ша хьанна тIетовжа деза  ца хууш,  йоккхачу дегайовхонца Ахьмад-Хьаьжин кIанте Рамзане бIаьрг бетташ. Шен дас  лаккха айбина  хилла маршонан  а,  синтеман а байракх охьа ца йожийтира  цо,  я цхьаьнгга а дIаса а ца ийзаяйтира. Къоначу Рамзана дуьненна а дIахаийтира  шен дас, Нохчийн Республикан хьалхарчу Президента  Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалбинчу  некъа   тIера ша  дIасатаьIарг ца хилар, халкъ лардийриг хилар. Цо шен дош лар а ди. 
Ахьмад-Хьаьжин беркат го вайна тахана  республикехь  мел хуьлучу диканашна юкъахь. Иза дагавогIу вайна Соьлжа-ГIалара «Нохчийчоьнан дог» аьлла халкъо  цIе тиллина долу  Европехь а уггаре  а даккхийчех,  исбаьхьачех  маьждиг гича.  Нохчийчоьнан хьалхара Президент, Россин Турпалхо вайца волуш санна хета Соьлжа-ГIалахь, Хоси-Юьртахь,  Гуьмсехь  хьафизийн хьуьжаршка хьаьжча, вайн  пачхьенерчу «Ахмат-арена» стадионе, «Грозный-Сити» марказе,  кхечанхьа кхаьчча.
Цуьнга йолу вайн марзо, безам  совболу  культурехь, дешарехь, спортехь,  дахарехь-Iарехь болу  бIаьрла  кхиамаш гича. Ахьмад-Хьаьжин  беркат  ду иза а, ткъа  иштта Нохчийчоьнан  ерриге а ярташкахь  вайн  бIаьрг  тIехIуттуш  мел долу  диканиг а. ДIахьовсийша.  Къегина, серлаевлла  дIахIиттина  вайн  ярташ,  шахьараш. Цкъа а хилла  йоцчу, хир  ю  бохург  дагахь  хилла  доцчу  ярташкахь  тахана  газ ю, электросерло ю. Уьш  вовшах  юзуш, тай  тоьхча  санна,  нийса  некъаш  ду. Вайн  халкъах  хьоьгуш  ду  лулара  къаьмнаш.
Ахьмад-Хьаьжин беркатца шо-шаре  мел дели  ийманехь  чIагIлуш  ду  вайн   халкъ,  къаьсттина  къона  чкъор. Вайн  цхьа а  юрт яц цхьаъ-шиъ  маьждиг  доцуш. Массо а юьртахь  хьуьжарш  ю. Цигахь  бусалба дин  1амош  бIеннаш  бераш а, кхиазхой а бу. Шайна  бусалба  дин  маьрша  даккхарна, иза Iамо  таро  яларна   цара  даггара  баркаллаш  боху  Ахьмад-Хьаьжина, цуьнан  кIантана  Рамзанна.
Вайна  дагадогIуш  ма-хиллара, Iаьрбийн пачхьалкхашца  дуьххьара  гергарло, зIенаш  теснарг, цаьрца  йолу  юкъаметтиг дIанисйинарг  изза Ахьмад-Хьаьжа  ву.  Iаьрбийн  мехкийн  куьйгалхойн а, халкъийн а  бIаьрг  беддера  Нохчийчохь тIемаш болчу  хенахь  нохчех  лаьцна  дуьненахь  вон  мел дерг  даржош  хиларна, нохчашна  тIехь  харц  цIе  кхуллуш  хиларна. Ахьмад-Хьаьжин ницкъ кхечира  нохчийн  хьокъехь  дуьйцу эладитанаш  бакъ  ца хиларх, нохчийн халкъ  дуьненаюкъарчу  терроризмана дуьхьал  луьра  тIом  дIахьош  хиларех,  нохчий  цIена бусалбанаш хиларх, майра, нийсо,  паргIато, барт,  доттагIалла дезаш  хиларх тешо.
Ахьмад-Хьаьжас  къамел даггара  дора. Цундела цунах, цуьнан дашах  тешара. Цуьнца гергарло лело  лаьара. Ткъа  Ахьмад-Хьаьжа  ша дIакхаьчначохь  гергарлонаш тосуш  вара. Оцу гергарлонийн  марзо  хаало  вайна   тахана Iаьрбийн  мехкашца  йолчу  доттагIаллин  а,  вежараллин а  юкъаметтигашкахь. Цуьнан  беркатечу некъан  лар  хаало Iаьрбийн  Цхьаьнатоьхначу  Эмираташкарчу  Шайха Ахьмад Бин Мухьаммад Аль-Хазраджис  Iалашдеш  долу вайн  сийлахьчу  Элчанан – Мухьаммад пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нуьре  ниIматаш  дукха  хан  йоццуш  Нохчийн  махка  деана  хиларехь а. Республикерчу  хьовха, луларчу  регионашкара, дозанал  арахьара  бусалбанаш  баьхкира оцу  ниIматашка  бIаьрг  тоха,  царах ирс эца. Эзарнаш, эзарнаш  адамийн  аьтто  белира  Мухьаммад пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оба,  месаш,  кхиерг  ган. Баккъал а  ма  боккха  кхаъ хиллера  царна   цунах.
Хьесапдархоша  чIагIдарехь  миллион сов  стаг  чекхвелира  сийлахьчу  ниIматашка  хьожуш. Цуьрриг  а гал  хир  дацара   цаьрга  хьовса  лууш,  амма  рагI  ца кхочуш бисинарш  кхин а алсам хир  бара аьлча. ГIалгIайчуьра, Дагестанера, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, кхечанхьара бIеннаш адамаш дара денна  схьаоьхуш, оцу ниIматашка бIаьрг тоха сатесна.  Делахь а билгалйинчу хенахь,   бинчу бартаца нийса а догIуш,  дIадахьаза ца довлуш дара  уьш.  НиIматаш дохьуш веана  Шайх Ахьмад а,  цуьнан цIийнан нах а инзарбевлла бисира Нохчийчохь болчу бусалбанийн  Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) болчу безамах, сий ларамах. Вайх Сийлахьчу АллахIа бина къинхетам бу иза. Далла бу хастам. 
Кадыров Ахьмад-Хьаьжех цуьнан кIантах Рамзанах  схьадаьлла беркат   ду бохура  Эмираташкара  баьхкинчу безачу хьешаша  шаьш кхуза дахкар а, нуьре ниIматаш кхуза дар а.  Шаьш кхузара дIабоьлхуш цара КадыровгIеран доьзална  а, нохчийн халкъана а совгIатана Мухьаммад пайхамаран  (Делера салам-маршалла  хуьлда цунна) диъ ниIмат дитар а бац тIаккха  АллахIан боккха къинхетам. ХIинца вай а ду-кх оцу ниIматийн дай,  царах ирс эцар делларш.
Муьлххачу стеган  а оьмар мел яхъелча а  бIешарал дукха тIех ца йолу. Амма Кадыров Ахьмад-Хьаьжин  оьмар  хедар яц нохчийн халкъ мел деха. Цуьнан цIарца деха вайн иттаннаш урамаш, маьждигаш, спортан комплексаш,  сийлаллин аллейш – массо хIума а.Нохчийчохь санна цуьнан цIарах урамаш,  паркаш ехкина  ГIебартойн-Балкхаройчохь,  Москвахь, Россин кхечу  гIаланашкахь, ткъа иштта Казахстанехь, Иорданехь,  Израилерчу Абу-Гошехь, дуккха а кхечанхьа. Цо ма гойту вайна Ахьмад-Хьаьжа нохчийн къоман тхьамда хилла ца Iаш, дерриге а дуьненан  сий-ларам болуш къонах хилар. Ишттачу стеган цIе цкъа а евр яц.  Шен цIе мел еха  вехар ву иза, вайна шех беркаташ а довлуш.  Дала декъалвойла хьо,  Ахьмад-Хьаьжа.
С.ХАМЗАТОВ

Обновлено (23.08.2013 11:03)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas