Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

«Къуръан – сан некъ»

    Иштта ц1е йолуш бу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арахчу Сийлаллин мемориальни комплексехь схьабиллина 1аьрбийн йозанан гайтам. Иза схьабелла а, цунах ирсъэца а баьхкинчарна юкъахь вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Абдурахманов Дукхуваха, Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллин куьйгалхо Мирзаев Султан-Хьаьжа, вайн республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца з1енаш латторан департаментан директор Тевсиев Бай-1ела, культуран министр Музакаев Дикалу, ткъа иштта 1едалан кхиболу векалш, 1еламнах, художникаш, журналисташ, мута1еламаш.
       Саратовхь вехачу вайн махкахочо Джаватханов Ахьмада олучу башхачу нашидца гайтам схьабоьллуш баьццара аса (лента) хадийра. Цул т1аьхьа кхузахь вовшахкхеттачеран таро хилира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 62 шо кхачарна леринчу гайтаме д1ах1иттийначу суьрташка хьовса. Уьш 60 сов дара. Уьш дехкинера Нохчийн Республикин халкъан художника Сапаров 1елас, Дагестанерчу художника Адилова Муъмината, вайн республикерчу художника Товсултанов Эдуарда, кхечара. Уьш шаьш а бара цигахь дакъалоцуш, шаьш дехкинчу суьртех лаьцна дуьйцуш. 
     Каллиграфин хот1ехь дехкина, шайна т1ехь б1аьрг, ойла сацош дара дерриге а суьрташ.   XIII-чу б1ешарахь ваьхначу 1аьрбийн йозанан говзанчас Якут аль-Мустасимис аьлла ма-хиллара: «Каллиграфи иза исбаьхьа йоза хилла ца 1аш, лаккхара синхаам хилар ду».  Иштта лаккхарчу синхаамийн дуьне схьаделлало 1. Сапаровн суьрташкахь. «Туркойн шога т1улган» я Эбру техникин г1оьнца дехкина ду уьш. Инзарвоккхуш ду к1ади т1ехь къегинчу, кегийчу туьтешца (бисерца а, стеклярусца а), тирйоккхуш М. Адиловас дехкина суьрташ, дечиг огуш Э. Товсултановс дехкина суьрташ.
      Х1ара гайтам 20-гIа сентябрь кхаччалц лаьттар бу. Цунах марзо, ирс, беркат эца аьтто хир бу Нохчийчоьнан бахархойн а, хьешийн а.
Хь. Сайдаев 

Обновлено (28.08.2013 10:48)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas