Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

МаслаIатан тобанан беркате болх

Барт болчохь бен ца соцу беркат а, ирс а
Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхалло халкъ ийманехь, гIиллакхе, оьзда, яхь-юьхь йолуш кхетош-кхиоран декъехь денна дIахьош болу болх хаало вайх хIоранна. Цуьнан беркате стом бу вайн ярташкахь, шахьаршкахь шо-шаре мел долу духарца, леларца оьзда, къамелашкахь, гIуллакхашкахь гIиллакхе кегийрхой а, мехкарий а алсамбовлуш хилар. Оцу белхан кхин цхьа агIо билгалйолу вайн регионехь долчу маьждигашка вахча. Цига ламазаш дан баьхкинчарна юкъахь дукхахберш кегийрхой хуьлу. Мехалчу оцу балхаца цхьаьна Нохчийчоьнан муфтиятехь боккха тидам тIебохуьйту нахана юкъахь маслаIат даран, чIир йитийтаран гIуллакхна. Вайна дагадогIуш ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIадолорца а, цо тIедилларца а масех шо хьалха муфтиятехь вовшахтуьйхира нахана юкъахь маслаIат даран тоба (комисси). Цу юккъе бахийтира вайн махкахь а, цул арахьа а бевзаш болу Iеламнах, къурайшин цIийнах, эвлаяийн тIаьхьенех болу сий-лараме нах. Цу тайппана комисси вовшахтохаран коьрта бахьана дара нахана юкъара девнаш, иттаннаш, бIеннаш шерашкахь «кхаьбна» чIираш дIаяхийтар, маслаIат дар. Хууш ма-хиллара, вуно хала, чолхе, доккха ийман, собар оьшуш ду нахана юкъахь маслаIат даран, чIир йитийтаран гIуллакх. ХотIе хилла агIо де а, буьйса а синтеме доцуш, даима а ладоьгIуш хан яккха езаш хуьлу. Уьш халонехь а, бала хьоьгуш а хуьлу. Царна тIера сингаттам цкъа а дIаайъалуш бац. Уьш дохкобевлла, маслаIатан гечо лоьхуш хуьлу, махкахь бевзачу Iеламнахана, сий-ларам болчу нахана адамаш тIеоьхуьйтуш, маслаIатана юкъадовлар доьхуш.
Ткъа важа агIо ца хуьлу зовкх хьоьгуш. МаслаIат даро бен церан дегнаш паргIат а ца доху. Оцунах кхетарца шен Iаламат мехала болх дIаболийра комиссис. МаслаIатан масийтта тоба кхоьллира. Царна куьйгалле хIоттийра Кадыров Хожа-Ахьмад, Мирзаев Султан, Тевсиев Бай-Iела, Шахидов Адам, кхиберш. Массо юьртахула маслаIат деш буьйлабелира уьш. Комиссин декъашхой цхьана дийнахь Итум-Кхаьллахь хуьлура, шолгIачу дийнахь – Неврехь, кхоалгIачу дийнахь – Веданахь... Нажи-Юьртахь,
Хьалха-Мартан тIехь, кхечанхьа.
МаслаIатхойн гIуллакхаш вайн республикехь а, гонахарчу регионашкахь а довза дуьйладелира. Уьш довзаре хьаьжжина алсамбовлура муфтияте а, комиссе а оьхуш болу бахархой. Цара доьхура шайн чIирхошца, довхошца маслаIат дан юкъадовлахьара бохуш. Цхьа а дехар тидамаза ца дуьтура, я тахана а дуьтуш а дац. Тахана а шен болх беш ю комисси. Иза вовшахтоьхчахьана дуьйна таханлера де тIекхаччалц бинчу белхан мах хадийна а вер вац. МаслаIатан тобанаша оцу муьрехь шайга дина дехарш кхочушдеш 2707 стагана тIехь хилла чIираш йитийтина, дов къастийна. Вуьшта, оцу муьрехь комиссига 2937 заявлени яздина. Гуш ма-хиллара 230 дов-чIир хIинца а маслаIатан некъ ца карош лаьтташ ду. Оцу бакъдолчо а бIаьрла гойту цхьадолу девнаш къасто, чIир йитийта данне а атта цахилар. Делахь а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен семачу тидамехь латтош долчу гIуллакхехь шайгара доккха жоьпалла гойту вайн республикин муфтис Мирзаев Султана. Цо комиссин декъашхошца шен-шен хенахь кхеташонаш дIахьо, царна хьокъала доллу тIедахкарш до. Ишттачу цхьана кхеташонехь С. Мирзаевс элира: «Вовшашца чIир йолуш вайн махкахь ши стаг мел ву вайн бакъо яц бинчу балхах тоам бина Iан, сапаргIат довла».
Иштта дан а ду иза. Чолхе хIума ю хIара дахар. Денна дагахь доццург дуьхьал долу. Дахаран некъашкахь тайп-тайпана хьелаш нисло. Валар-ваккхар нисло. Кхин хIумма а ца дийцича а тоьар ду вайн некъашкахь хуьлучу бохамашкахь, хьовзамашкахь хуьлуш дерг. Денна бохург санна некъашца лазош, дойъуш адамаш ду. Дукхахьолахь цхьаьннан бехкана хуьлуш ма ду иза. Iедало, законаша ма-лоьхху, бехкечуьнгара жоп дехахь а, вайн халкъа юкъахь лелаш Iадаташ ду. Царах ду-кх бекхам баран, чIир эцаран Iадат а. Цундела хотIе хиллачара, куьг бехкечара маслаIат даран комиссига сихха орца доккху, шайна юкъахь барт бар доьху.
Вуьшта а юьстах лаьтташ боцу уьш сихха царна юкъагIурту, зулам ца дожийта хьовсу. Оцо баккъал а дика тIаьхье а ло. Кху шеран хьалхарчу январехь дуьйна оцу комиссига кхаьчнарг 544 (заявлени) дехар ду. Оцу дехаршца 377 дов-чIир маслаIат дарца, нах куьйге бахийтарца, вовшашна къинтIера бахарца дерзийна. Дисина 127 дов дерзо гIерташ беш болх бу карарчу хенахь.
Кхуззахь кхин цхьа хIума хьахо а лаьара. Ийманехь, исламехь чIагIбеллачара шайга Делан (СалаллохIу ТаIала), Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), эвлаяийн (Дала къайле тайойла церан) дуьхьа шайн дехарна жоп далар дехча, куьг бехкениг (гечдина) витахьара аьлча, шайна хилла цатам ца буьйцуш, шайн дегнашна хилла вас ца хьехош, оьгIазаллина къевлина буй бостуш, маслаIатхойн дехарна жоп ло, шайн чIирхо, маьрша вуьту. Мел доккха хIума ду иза! Мел йоккха стогалла ю иза. Шега дехаре баьхкина (Нохчийчохь цIе йоккхуш болу) нах юьхькIайчу хIиттабой, церан сий дой дIабохуьйту цара. Дела реза хуьлда царна.
Амма наггахь нисло-кх оцу сий-ларамечу адамийн дехарна къоранаш. Царна шайна хилла бохам, чов еза хета церан дехарел. Нах боцчу наха бан тарлучу тIехтохамах лардалар гIолехь хета царна АллахIан оьгIазлонел. Иза сакхт ду. Дуьненахь а, эхартахь а ял хир йолуш, диканца бекхам хир болуш ду шен довхочунна, чIирхочунна гечдар. Цунна дика масалш ма дитина вайна вайн эвлаяаша а. Дагадаийтал аш Зандакъарчу ГIеза-Хьаьжас динарг…
Зуламхочунна кхел яр Лаккхарчу Нийсонан Да волчу АллахIехь дитина ГIеза-Хьаьжас; ткъа шена Делера ял лехна, шен доза доцчу собарца. Баккъал а доккха собар а, ийман а оьшу ишттачу киртигехь бекхамна куьг ца айдан, шен дог ца Iабон. ГIеза-Хьаьжех масал эца деза ишттачу хьолех бекхаман ойла гIаьттинчо. Цу тайпа масалш, бакъдерш далош тахана а шайн атта боцу болх беш, нахана юкъахь барт, маслаIат деш схьабогIуш бу лерринчу комиссин декъашхой. Церан болх вайн дерриге а халкъана беркате а карабо.
С. ХАМЗАТОВ

Обновлено (17.09.2013 09:13)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas