Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Беркате доьзал

Гериханов Къосум вина 1913-чу шарахь, Устрада-эвлахь (х1инца Аргун г1ала) шен да кхелхинчу 17-чу дийнахь. Паспорт т1ехь цуьнан дара 1911-чу шарахь вина, аьлла. Иза нисдаларан бахьана иштта дуьйцура цо: «1933-чу шарахь елира сил дукха езаш йолу нана – Х1уда. Цу хенахь со болх беш вара Устрада-эвлан юьртан Советехь. Сан белхан декхаршна юкъадог1ура армехь г1уллакх дан боьлхучу кегийрхойн кехаташ кечдар. Оцу шарахь арме г1уллакх дан боьлхучарна юкъахь вара сан ши доттаг1, сол ши шо воккха вара и шиъ. Елла нана, арме воьдуш волу ши доттаг1… оцу хьоло дагадаийтира цаьрца арме ваха. Сайна ши шо хан т1етоьхна, Шалински райвоенкомате кехаташ чуделира ас. Кехаташ чекхдевллачул т1аьхьа бен гучу ца делира сан х1илла. Иштта нисделира со эскаре г1уллакх дан вахар. Х1етахь дуьйна вина шо лорура 1911-г1а».
Эскарехь г1уллакх дина ц1авеанчу шозлаг1чу – 1937-чу шеран 8-чу мартехь Къосумна оцу юьртара, хазаллина г1араяьлла йолу, Чабдаров Мохьмад-Хьаьжин йо1 Неби ялийра. Оцу шина доьзало хьовха, ерриге юьрто а къобалдира и захало.
Х1ора доьзалхочунна деза а, хьоме а ду да-нана. Цара безамца дагахь латтабо церан хьехамаш, аьхна аьзнаш, к1еда-мерза хьажар. Шайн дахаран некъашкахь церан хьежамашца бусту шайн кхиамаш. Ойланашкахь дагабуьйлу царах, цхьа къастам бан безаш хьал нисделча уьш дуьненчохь боцчу хенахь а…
Къосуман а, Небин а дуьххьарлера доьзалхо – Хьавраъ дуьненчу елира 1938-чу шарахь. Ша пенсе йоьдучу 1957-чу шаре кхаччалц цо Цоцин-эвлан юккъерчу школехь хьехархочун, цул т1аьхьа завучан болх бира. Пхи бер кхиийна, пхийтта берийн бер а, ялх берийн берийн бер а долуш йолу иза Далла дуьхьал яхана дукха хан йоццуш. Дала гечдойла цунна! Гериханов Ибраьх1им дуьнент1е велира 1939-чу шарахь. Юьртабахаман 1илманийн кандидат волуш, цо болх бина юьртабахамехь а, даьхнийлелорехь а. Зоотехникна т1ера, Нохч-Г1алг1айн республикин Министрийн Советехь юьртабахаман отделан куьйгалхочунна т1екхаччалц. Таханлерчу дийнахь, пенсехь волуш, хьоьхуш ву Нохчийн Пачхьалкхан Университетан аграрни факультетехь. Диъ бер, ялх берийн бер долуш.
Шен да-нана дагалоьцуш Гериханов Ибраьх1има дуьйцу: «Ч1ог1а бусалба ши стаг дара тхан да-нана. Уггар хьалха, кхеттал ма-хилла ламаз дан 1амадора цара тхо. Нехан х1уманна т1екховда мегар доций хоуьйтура. Цкъа лулахойн бешара ж1онка даьккхина со гучуваьлча, бераллин хенахь башха хьекъал ма ца хуьлий, подвал чу воьллина деха де даккхийтира соьга дас. Цул т1аьхьа цкъа а нехан х1уманна т1е ца кхевдина со, я сан йижарий, вежарий. Къинхьегам коьрта бара тхан боккхачу доьзалехь. Дас олура, хьаналчу къинхьегамций бен беркат кхоллалур дац. Цкъа а х1умма а ца деш хиъна 1аш дага ца бог1у суна я да а, я нана а. Гуттар пачхьалкхан болх бора, ц1ахь висинчу хенахь кертахь йолчу дахьар т1ехь дечигах г1уллакх дора. Тхуна х1ора берана цо шен куьйгашца дина стол-г1ант дара. Х1ума юучу хенахь цхьана йоккхачу стоьла гонаха ховшура тхо. Меллаша юура тхан дас х1ума, тхоьга хьоьжуш.
Т1аккха, цхьанна хьалхара юург кхачийча шена хьалхара схьаоьций тхуна юьллура. Нанас олура: «Айхьа яахьа хьайна хьалха йиллинарг, хьо болх бан безаш ма-ву». «Х1умма а дац, со вуьзна», – олий хьалаг1оттура иза. Х1инца со воккха хилча хаьа суна цо иза х1унда деш хилла. Тхо кегий долу зама хала яра, юучунна шорто яцара, тхо меца ца дисийта г1ерташ лелийна цо иза.
Тхан ден-ненан коьрта лехам бара къахьегар, дешар, доьзалан хьашташ кхочушдар, хьанал хилар, вовшашна накъосталла дар, ламаз-марха лардар. Цаьргара масал эцна, оцу лехамашца кхион г1иртина со сайн доьзалш а».
Гериханова Тамара йина 1941-чу шарахь. Шен дерриге а дахарехь къахьегна цо юьртан бахамехь. Къинхьегаман некъан т1аьххьарчу шерашкахь болх беш яра Шеларчу «Южный» совхозан бухгалтер йолуш. Х1инца пенсехь ю кхо бер а, пхиъ берийн бер долуш. Шен дех-ненах лаьцна дагалецамаш бо Тамарас: «Хала а, чолхе а хилла сан ден-ненан дахар. Бакъдерг аьлча, и заманаш а хала яра. Кхо бер карахь долуш ц1ера яьккхина тхан нана. Да Сийлахь-Боккха Даймехкан т1ама т1ехь мостаг1ех Даймохк ларбеш вара. Цхьана ирчачу г1енах санна дагадог1у суна, тхо кара-мара а хьерчош, нанас шен нах лехна. Ши шо даьлча т1ама т1ера ц1а веанчу тхан дена хала карийна хиллера тхо. Шен доьзалан а, къоман а парг1ато, маршо хьаьшна 1едал лардеш ц1ий 1енийна, чевнашца, совг1аташца иза юхавирзинера т1ама т1ера 1946-чу шарахь. Да-нана гуттар а болх беш дара, тхан йоккхах йолу йиша тхан кегийрачу берашка хьожуш ц1ахь юьсура, сой, сол воккхах волу ваший, 9-10 шо долуш дара тхо, тхайн ненаца колхозе асар дан доьлхура. Тхо ч1ог1а даккхийдера вовшах. Халонца кхиийна доьзал мерза хуьлуш хиллера».
Абу вина 1945-чу шарахь. Технически 1илманийн кандидат, профессор, Соьлжа-Г1алин, Пачхьалкхан нефтан институтан кафедран куьйгалхо. «Муьлххачу а доьзалехь хила дезачарех коьртаниг ду дега-нене ларам, безам хилар. Т1аккха, бераш кхетош-кхиош аз айдина дов дан а, тоха а дезар дац. Тхан доьзалехь дас аьлларг ца дан йиш йоцийла хоуьйтура нанас. Ткъа дас, нана мел еза-йоккха ю, мел ларам бан хьакъ ю дуьйцура. Вовшашка а ларам бара церан. Хаза юкъаметтигаш яра, иштта бертахь даха 1емира тхо а. Шайн дахаран масална т1ехь 1амийра цара тхо хьанал а, бертахь а, марзо ларъеш а даха. Х1инца со да а, ненан да а воллушехь, цхьа къастам бан дезаш дахарехь х1ума нисделча, делахь, тахана схьабелхьара цара х1ун хьехар дийр дара-те олий, тахана ойла йо ас. Вовшийн лардеш, накъосталла деш, дас-нанас тхуна юккъехь нийсо лелош, массара а шайга далуш дерг деш, даха 1амийна тхо. Цундела вовшийн пусар деш, сий-ларам беш, воккхачо бохург жимачо а деш деха дела марзо ю юккъехь. Кест-кеста вовшахкхета, шарахь шозза дена а, нанна а т1ера саг1анаш дохуш-м муххале а. Массо а деза денош – марханаш дастар а, г1урба дар а, зударий балор, маре бахийтар вовшашна накъосталла деш бертахь, мерза д1ахьо оха».
Гериханов Абу-Бакар вина 1948-чу шарахь. Дерриге а шен дахарехь болх бина чоьхьарачу г1уллакхийн органашкахь. Пенсе вахана РФ МВД-н, Петропавловск-Камчатски г1алин 2-чу отделан куьйгалхо волуш. Балхаца цхьана леладора дезаделла суьрташ дахкар. Карарчу хенахь болх беш ву Аргунерчу Исбаьхьаллин Кхолараллин школехь. Российски Федерацин художникийн Союзан декъашхо а, кхаа беран да а, шина беран ден да а.
Асет йина 1949-чу шарахь. 1972-чу шарахь лоьраллин училище чекхъяьккхичахьана, лоьраллин декъехь болх беш ю. Кхо бер, ялх берийн бер ду. Цо дуьйцу: «Х1окху сан баккхийчу йижаршний, вежаршний халонаш гина, къахьегна. Тхо муха кхиийна суна дагадог1ург: тхан дас-нанас тхуна хьехнарг – тхайл баккхийчаьргара масал эцар, низам, ийман долуш хилар. Иштта, цара тхайна ма-хьеххара даха г1ерташ ду тхо.
Нахаца а, вовшашца а г1иллакхе хилар, вовшашна а, оьшучунна а накъосталла дар, г1ийлачух къахетар. Тхо шийтта доьзалхо юучуьнца а, юхучуьнца а нахах ца хьоьгуьйтуш, мерза кхиийна цара. Ц1ена бусалба нах хилла тхан да-нана. Хьалха коьртара х1уманаш зудаберашка д1айохуьйтучу хенахь а коьртахь йовлакхаш леладойтура тхоьга тхан дас. Х1инца-м, Дела реза хуьлда цунна, вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана т1етахка бохуш кхойкху мехкаршка, зударшка, бусалба динехь иза хила ма-деззара. Х1етахь, школьни мероприятешкахь, йовлакхаш д1адахар т1едуьллура. Амма массара леладора. Х1инца 1едалан т1ег1ана т1ехь бусалба дин лелор, къоман г1иллакх-оьздангалла совдаккхар т1едуьллу. Цундела х1инца хала дац т1екхуьуш йолу т1аьхье кхетош-кхион. Халачу заманашкахь а, вайн дайша лардина нохчийн къоман г1иллакхаш, ламасташ. Х1инца сайн доьзалехь кхетош-кхиоран болх бан бечу хенахь хаьа-кх суна бусалбалла г1иллакхций, оьздангаллиций, духарций, ийманций лардан дезаш хилар».
Гериханова Хьава – 1952-чу шарахь йина. 1975-чу шарахь кхиамца лоьраллин училище чекхъяьккхинчул т1аьхьа дуьйна, болх беш ю фармацевтикехь. Аргунерчу аптекехь провизоран балхаца д1аболийра цо шен къинхьегаман некъ. Х1инца болх беш ю шен доларчу аптекехь. Кхиийна ялх бер, цхьайтта берийн бер. Цо а бовзуьйту шен дагалецамаш:
«Тхан доьзалехь дохон йиш йоцу низам дара жимачо воккхачуьнга ладог1ар, аьлларг дар. Х1оранна а шен-шен декхарш дара тхуна т1ехь: йоккхачо х1уманаш юьттура, цул жимачо пхьег1аш юьлура, цул жимачо чуьра г1уллакхаш дора. Ткъа, тхан вежарий – дас дечу г1уллакхаш т1ехь накъостий бара. Дечиг доккхура, пхьола дора дена юххе х1уттий. Хьанал-хьарам, вониг-диканиг гуттар хьоьхуш а, къастийна а дара тхан доьзалехь. Цара мел хьехнарг тхайн дахарехь тхуна карийна. Тахана сайн доьзал а, церан доьзалш а кхиош г1о-накъосталла хуьлу суна сайн дас-нанас дитинчу масалех. Тхан марзо а, тхан безам а, тхан вовшийн дезар а цаьргара ду. Сайн йижарий а, вежарий а ч1ог1а дукхабеза суна, ч1ог1а йоккхае со царах. Вовшашна накъосталла а деш, мерза деха тхо. Дала къинхетам бойла тхох а, массарах а!»
1953-1954-чу шерашкахь, юккъе шо бен ца дулуш дуьнент1е елира Деши а, Дети а. Пенсе яххалц Эвтарахь юьртабахамехь болх бира Дешис. Ткъа, Детис кхиамца чекхъяьккхира Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан университет. Аргунерчу юккъерчу школехь биологи а, анатоми а, хими а хьийхира.
Рукъият йина 1956-чу шарахь. Лакхарчу квалификацин зударийн лор йолуш болх беш ю Невран районан больницехь. Махачкалахь лоьраллин институт чекхъяьккхина. Ши к1ант ву кхиош.
Соьлжа-Г1алахь а, Аргунехь а, Нохчийн Республикин кхин йолчу хьаьрмашкахь а бехаш бу Гериханов Къосуман а, Небин а доьзалш. Царна массарна а бух латтош, ден-ненан марзо ларъеш вехаш ву Гериханов Мохьмад, да-нана даьхначу кертахь. 1960-чу шарахь вина волчу цо т1ехдика дешарца чекхъяьккхина Аргунера 30-г1а профтехучилище. Болх бина Аргунерчу «Пищемаш» заводехь.
Атта дац бух ларбан, церан санна болчу боккхачу доьзалан-м муххале а. Муха лараво хьо хьайна т1ехь долчу жоьпаллечу декхарца, аьлла, динчу хаттарна жоп луш цо боху: «Тхайниг санна болчу бертахьчу доьзалехь бух ларбан хала дац. Доьзалан кхерч боху ахь, юрт ларъян а! Массо а х1уманна т1ехь йижарша а, вежарша а накъосталла до. Дена, нанна т1ера саг1а даккхар, марханаш дастар, г1урба дар, кхидолу а деза денош вовшахкхетий цхьана д1ахьо оха, воккхах волчу тхан вашас Ибраьх1има куьйгалла а деш. Вовшашна юккъера марзонаш а, ларамаш а ч1ог1а хаза бу тхан. Дас-нанас ийман а, ислам а долуш кхиийна дела хаза а, беркате а ю тхан доьзалийн юкъаметтигаш».
Оцу боккхачу доьзалехь уггаре а жиманиг ву 1усман. Иза вина 1961-чу шарахь. Болх беш ву Нохчийн Республикин экологехулий, 1аламан сурсаташкахулий йолчу Пачхьалкхан Комитетан коьрта говзанча волуш. Цуьнан дагалецамаш боца а, хаза а бу.
Доьзалехь жиманиг хиларе терра уггаре а хьомениг хилла иза. Цундела кхиар, дешар а, дахарехь нисвалар а хала ца хилла. Цо боху:
«Доьзалехь жиманиг хиларна а, масал эца дуккха а йижарий, вежарий хиларна а суна хала дацара кхиа. Ненан хьоме вара со. Хьоме-м тхо дерриге а дара, делахь а жима хиларна а, уьш баккхий хиллачул т1аьхьа дуьнент1е валарна а, суна дукха х1ума могуьйтора. Ловзар а, хьарцахьа лелар а алсам дара сан. Делахь а дукха кач ца вора. Дийца-м дукха дара дех-ненах лаьцна… делахь а, цхьа масал далор ду ас сайн дахарера. Школа чекхъяьккхина Советски Арме г1уллакх дан вахара со. Сан вежарий берриге а бара Советски Армехь г1уллакх дина. Ц1а веъча колхозе учетчикан балха ваханера со, кхин д1а а деша вахале йолчу юкъана. Дас чукхайкхина хьехар дира суна: варийлахь, наха бина болх д1аязбечу хенахь г1алатло ма ялийталахь хьайгара, аьлла. Цхьа кепек а, иза-м дукха яцара аьлла, ахь д1а ца язъеш йитахь мегар дац хьуна. Нехан хьакъ такха хала хир ду хьуна Далла хьалха. Хьуна к1езиг хетарх болх бечунна беза бу хьуна шен хьацаран х1ора т1адам. Иштта, массо а къилахь долчу х1уманах лардора тхо дас-нанас. Массо а х1уманна т1ехь хьехар дора. Ламаз-марха деза леладора. Дахарехь, леларехь, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь масал гойтура».
Ийман, ислам долуш, хьанал-хьарам а къастош и боккха доьзал хьалакхиийначу Гериханов Къосуман а, Небин а дикаллин, бусалбаллин кхин а цхьа доккха тоьшалла далон лаьа…
Шен доьзал бола а бале Къосума шен т1ома к1ел лецира шен вешин Хьамидан к1ант Хьамзат. Да-нана а доцуш иза висича цуьнан диъ шо бен дацара. Тахана цуьнан а ду диъ бер а, ворх1 берийн бер а, шиъ берийн берийн бер а.
1949-чу шарахь мацаллина, халонна шайн доьзалшна а дан х1ума доцуш нах лелачу хенахь, Къосума, Небис шайн доьзале валийра, да-нана доцуш висина ши шо долу Небин вешин Чабдаров Ахьмадан к1ант Хьамид. Аргунера №1 йолу юккъера школа Хьамида чекхъяьккхира дашочу медалца. 1972-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхина Соьлжа-Г1аларчу нефтан институтан г1ишлошъяран факультет. Тахана болх беш ву вайн республикин г1ишлошъяран индустрехь. Кхоъ бер, шиъ берийн бер долуш.
Гериханов Къосуман а, Небин а дахаран жам1 хаза а, беркате а ду: шийтта шайх схьаваьлла доьзалхо а, шиъ байлахь висина к1ант а, вейтта, Делан къинхетамца, доггах а, безамца а кхиийна доьзалхо! Церан бераш а, берийн бераш а лерича – цхьа б1е вуьрх1ийтта стаг ву оцу беркатечу доьзалехь! Цара массара а боккхачу ларамца, безамца, баркаллица дагалоьцу тахана, шайна дахар делла, унах ц1ена, хьекъале, кхетаме, иймане шаьш кхиийна долу и ши бусалба стаг. Дала декъалдойла и шиъ! Дала ялсаманин беза хьеший бойла царах!
Кегийчу доьзалшкахь хьалакхуьуш долу бераш коллективехь даха а, тарбала а, собаре а, къинхетаме хила а 1амо дезаш хуьлу. Боккхачу доьзалехь и ерриге а амалш 1ема берашна шайна юккъехь. Иштта хьалакхиийна доьзалш баха а, лела а, тарбала а хууш, юкъараллин беркате декъашхой хуьлий д1ах1уьтту. Иштта ю Герихановг1еран Къосуман а, Небин а йоккха а, кхиаме а, беркате а т1аьхье. Дала аьтто бойла церан дахарехь а, леларехь а, мехкан а, къоман а зовкх сов даккхарехь!
Дика кхетош-кхиийна доьзал дахаран беркат ду, къомана юьхьк1ам бу. Хьанал-хьарам къастош, ийман-ислам долуш кхиийначу доьзалех вовшахкхеттачу къоман дахар ирсе а, беркате а хуьлу. Цундела бохуьйту вайн мехкан куьйгалхоша т1екхуьуш йолчу т1аьхьенашна т1е боккха тидам. Довзуьйту нохчийн къоман оьзда г1иллакхаш а, ламасташ а. Цхьа а х1ума ца кхоадо кегийрхошна уьш довзийтаран а, марздалийтаран а 1алашонна. Шеко йоцуш, бусалба динан бух т1ера схьадог1учу вайн къоман г1иллакхаша г1о до нохчийн къомана оьзда а, хьанал а, бусалбалла долуш а даха. Дала Ша реза волчу некъа т1ехь сецайойла вайн ойланаш а, лаамаш а!
Р. Эльмурзаева

Обновлено (17.09.2013 09:15)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas