Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Экстремизм кхераме яц бусалба ц1ена дин лардечохь

Масийтта б1ешо хьалха (1илманчаша а, динан дайша а ч1аг1дарехь барх1олг1ачу б1ешарахь) дуьйна бусалба ц1ена дин лелош, Къуръано бохург деш, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннат кхочушдеш схьадеана нохчийн халкъ. Паччахьан а, Советийн а 1едалша латтийначу 1азапаша, та1зарша, бехкамаша вайн дай оцу нийсачу некъа т1ера а ца баьхна. Цара вайга схьакховдийна иза, цхьана а кепара эшам ца хуьлуьйтуш. Вайга схьакховдийна, иза лардар, 1алашдар т1едуьллуш весет деш: «Чуьрниг ара а ма даккха, арарниг чу а ма да», - аьлла. Вайн эвлаяаша, устазаша изза баьхна вайга – шайн мурдашка. 
Амма вайн ницкъ кхочий-те церан весеташ кхочушдан, дайша лелийна ц1ена дин лело, 1алашдан? Х1ун бахьана ду вайна юккъехь экстремистийн идеологин хьу хааяларан? Цу тайппана хаттарш дира оха Соьлжа-Г1аларчу а, цхьамог1а районашкарчу а кегийрхошка. Цара оцу хаттаршна делла жоьпаш шун тидаме дохку оха.
Салангириев Ибрах1им: «Тхан да, иза валлалц шу дехийла, вай дохийначуьра ц1а даьхкичхьана дуьйна Соьлжа-Г1алахь 1ийна. Со хаъал хилчахьана оршот, еара лардеш зиярташ деш, Хьаьжин мурд хила г1ерташ схьавеана. Луьра зама яра иза. Ламаз дар, марха кхабар доьхкуш дара. И бехкамаш боллушехь церан ницкъ кхочура Делан ц1ена дин лело. Цуьнгара соьга кхаьчна иза. Сайн дас, цуьнан хенарчара лелийнарг лело г1ерташ, иза сайн доьзалшка леладайта ойла йолуш, царна иза марздеш схьаван нийят ду. Суна кхераме ца хилла вахабитийн, шиитийн, кхечеран хьежамаш. Х1унда аьлча, жимчохь дуьйна суна марздинарг, сан кхетаме диллинарг кхин - Делан ц1ена дин ду, т1арикъатан некъ бу. Ткъа экстремистийн идеолагаша боьг1начу гураша лоцу ламаз-марха ледара хиллачу ден-ненан доьзалш…»
Дадаев Мохьмад: «Ц1ера Шуьйтара ду тхо. Сан да ша лелачу хенахь туркх волуш, т1арикъатан некъ ч1ог1а ларбан г1ерташ схьавеана. Тахана а нехан диканехь, вонехь ву иза. Цуьнгара масал эца 1амийна тхо тхан нанас: «Шайн дас леллийнарг леладе, цунах 1ама, юьхь1аьржа хир дац шу Далла а, нахана а хьалха», - бохуш. Цундела, Нохчийчохь экстремистийн цхьацца боламаш гучубийла боьлча, тхан дех дагадевлира тхо. Цо тхо, доцца аьлча, кхетийра: «Вайн дайша лелийна дин дац иза, т1арикъатан некъ бац. Царах ларло». Тхо лар а делира. Тхуна хийра дара вахабиташа мел деш дерг. Церан «хаза» хабарш тхуна хезаш дацара. Амма со «кхета» г1ерташ берш а нислора. «Устаз лацар ширк ду, Делаца накъост лацар ду», - бохуш. Суна и хабарш кхераме дацара».
Калумов Салам: «Бакъдерг дийцича, ткъа шо гергга хьалха вайн республикехь политикин хийцамаш, карчамаш буьйлабеллачу юьххьехь юкъабевллачу керлачу, мажош йолчу бусалбанех дикка 1ехавеллера со. Тахана санна «вахабиташ» олий ц1е а ца йоккхура церан. Уьш шайн маьждигаш, хьуьжарш йохкуш, бусалба дин хьоьхуш, даима Аллах1ан ц1е йохуш, Къуръана т1ера сураташ, аяташ дагахь доьшуш хуьлура. Дуьненан х1уманца шайн бала бац моттуьйтура. Советан заманахь тхан доьзалехь олалла деш парти, коммунистийн идеологи яра. Ламаз-марха, 1амал-1ибадат ледара дара. Со жима вара. Ламаз 1амаде, марха кхаба ца олура соьга. Суна, ма-дарра аьлча, мегарг ламазан бисмилла а ца хаьара, эттахьиг а ца хаьара.
Керла бевллачу «бусалбанаша» элира соьга: «Ламаз деш вацахь, хьо керста ву. Хьо вен магош ду». Суна вала ца лиира. Со церан маьждигашка лела велира, ламаз 1амийра. Амма цигахь ламаз 1амийна ца 1аш, хьашт мел доцург а 1амадора. Т1амна, г1азотна кечло олура. Цара мел бохург т1елаьцна, царах кхетта д1авахана хир вара со, Делан къинхетамца, тхан юьртарчу сан накъоста (г1еххьа бусалба дешар дешна вара иза) кхета ца винехь. Экстремист хилла волуш лаьттара сох. Цунах кхеттачу сан накъоста царах хервира, довзийтира бусалба ц1ена дин. Данне а атта ца хилира иза. Дерриге а дийца дукха ду. Цундела дерзош ала лаьа: доьзалехь, берахь дуьйна бусалба ц1ена дин, т1арикъатан некъ бовзуьйтуш боцчохь шен орамаш хоьцу экстремистийн идеологино».
Делахь-х1ета, вайн массеран а коьрта декхар ду доьзалшкахь ийманехь кхетош-кхиоран болх жигарабаккхар, экстремистийн идеологина орамаш таса меттиг ца йитар.

Хь. Саидов

Обновлено (17.09.2013 09:45)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas