Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Зуламе нах – Далла безаш бац


Дала боху Сийлахьчу Къуръана  чохь: «Шайн дог1маш ма дайалаш, боккъалла а, Аллах1 шуьца къинхетаме ву».
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Эчигца ша-шен дег1 дийна волу стаг – и эчиг цуьнан карахь хир ду, даима шен гайх 1уьттуш къематдийнахь, жоьжахатехь».
 Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Шул хьалха хилла болчарех цхьа стаг вара, дег1аца чов яра цуьнан, урс схьаэцна шен куьг хадийра цо, ц1ий ца соцуш велира иза, Везачу Дала элира: «Сан лено суна сихо йи, ялсамани хьарам йи Ас цунна».
Х1ай бусалба нах! Х1ара аят, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш зуламца арабевллачу нахана дог1уш ду, шайн зуламца маьрша, бусалба нах бойуш болчу.  Цу зуламхошна моьтту, теракташ Делан некъахь долу  г1азот ду, милцошна хьалха шайн дог1маш лоьлхуьйтуш, маьрша нах царна гонаха белахь, бацахь бен ца хеташ, т1аккха шеко йоцуш «Фирдовс» ялсамане доьлху боху цара шаьш. Цу зуламхоша боху милцой, 1едалан балхахь болу нах муртадаш бу, уьш байар хьанал ду, хьанал хилла ца 1аш – важиб ду. 
  Х1ай вежарий! Вовшашка хаттий вай, шар1ан терзан т1ехь нийса дуй-техьа цара лелош дерг, и г1азот лорий-те?  Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна), асхьабийн дахаре вай хьевсича, г1азотах лаьцна яздинчу жайнашка вай хьевсича, вайн чохь цара нахана кхерам туьйсуш, нах бойуш еш йолу теракташ, шайца воцург массо керстанаш бу аьлла бусалба нахана т1ехь и харцо кхоллар, Къуръанна, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатна дуьхьал болх бу.
  Шемарчу 1еламнехан корта болчу доктора Мухьаммад Са1ид Рамадан аль-Бут1ис аьлла, джихад дуьйцучу шен жайнахь: «Кхераман бахьанаш, маьрша бусалба нах байа бахьанаш даржош волчо, Делан новкъахь долчу джих1адан ц1арца, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисо бохучуьнца шен йолу ойла билгалъян еза.
 Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) боху: «Шен умматах волу стаг  шен умматах волчунна дуьхьал г1аьттича, дикачунна а, вочунна а етташ, Делах тешаш верг лар веш, бусалба махкахь маьрша 1айтахьара аш тхо аьлла бусалба нахера ч1аг1о эцна болу керста динехь болчу нахаца болу барт, ч1аг1о лар ца еш верг сан некъа т1ехь вац». Доктор Бут1ис тамаша барца хоьтту: «Царах цхьаъ Делан новкъахь муджах1ид муха хуьлу, ша еш йолчу 1амалца Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) омранаш дохош хилар цо кхайкхош хилча?»
  Х1ай вежарий! Кхин тоьшалла оьший вайна уьш харц хиларна?
Цу вахабитийн зуламхоша боху, 1едалан балхахь болу нах, милцой керста бу боху. И алар хьарам ду, Бут1ис шен жайнахь билгал ма-дарра: «1едалан балхахь ву аьлла, я эскархо ву, я ялхо ву аьлла, 1едалан хьукмана к1ел волуш, церан белхаш кхочушбеш волуш, исламан, ийманан сифат д1адаккха мегар дац цуьнгара. (Бусалба вац, кафир ву, муртад ву ала мегар дац, 1едалан белхало вара аьлла). Элчанан асхьабех (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хилла Хьат1иб Абу-Балта1атан к1ант, Макка йоккхучу шарахь къурайшийн керста нахана (таханлерчу 1едалан балхахь болчара ца дечул) г1о динчерах волуш. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда  цунна) шена хууш доллушехь Х1ат1ибас дина г1о (кехат яздинера Макки чуьра керста нахе, Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен асхьабашца Макка яккха вог1уш ву аьлла, Элчанан къайле гучуяккха г1оьртира иза) Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Хьат1ибехь долу исламан сифат д1а ца даьккхира, бусалба вац, хьо вен веза аьлла хьукма ца дира, я дег1ана цхьа лазам ца бира, и Делах, Элчанах (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тешаш вуй шена хиъна дела. Хьат1ибас бинчу балхана инкарло еш Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) т1е аят доьссинчу хенахь, цу аято Хьат1иб бусалба нехан тобанна юккъехь волу къамел дира, цу аято боху: «Х1ай ийман диллина нах, сан а, шайн а мостаг1 гергара вай г1оьнча ма лаца аш, Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабийн къайле царна д1аюьйцуш». 
               Вайн махкахь еш йолу теракташ, нагахь санна цхьана х1уманна т1енисвахь, цу нехан  зуламна т1енисво, бохамаш беш уьш хиларна, Делах уьш ца кхерарна т1енисво, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нийсачу некъана  уьш т1аьхьабозуш ца хиларна  т1енисво, х1унда аьлча бусалба стаг  кхеравар Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нийсачу некъах дац.
Маьрша нах байарца, бусалба нах берриге кхерорца вайн махкахь хуьлуш долу лелхийтарш – шар1ехь царах зуламаш олу, лаьтта т1ехь  бохамаш бар олу, и Делан некъа т1ехь г1азот ду ала йиш яц.
Х1ай кхетаман дай! Тидаме хилийша, зуламе нах Аллах1-Далла безаш бац шуна.
Зорбане кечам бинарг - З. Биштигханов

Обновлено (03.10.2013 13:56)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas