Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

ГIурбанан Iийдан ламаз дарх

ГIурбанан ши ракаIат Iийдан ламаз суннат ду. Хьалхарчу ракаIатехь «АллахIу Акбар» аьлла ламаз дихкинчул тIаьхьа «Акбар» дийр ду, «саббаIан» аьлла ворхIазза «Акбар» дийр ду. ШолгIачу ракаIатехь сужудера хьалавогIучу хенахь деш долу «Акбар» доцург пхоьазза «Акбар» дийр ду. ХIора такбирна юккъехь хIара тасбихь дан деза: «СубхьаналлахIи валхьамду лиллахIи ва ла илахIа иллаллахI валлахIу Акбар».
 Иштта тасбихь хьалхарчу ракаIатехь ворхIазза деша деза. РукуI дина сужуде вахана, юха хьала а нисвелла, пхоьазза такбир дийр ду. ШозлагIа тасбихь дийр ду: «СубхьаналлахIи валхьамду лиллахIи ва ла илахIа иллаллахI валлахIу Акбар». ТIаккха эттахьиг дешна, салам делла, Iийдан ши ракаIат ламаз дIадерзор ду. Цул тIаьхьа хутIба доьшу. Рузбанан  ламазехь санна дац иза. Рузбанан  ламазехь хутIба хьалха доьшу, тIаккха рузбанан  ламаз до. ГIурбанан а, мархийн а Iийдехь хьалха ламаз а дой, тIаккха бен ца доьшу хутIба. Иза рузбанехь санна шина декъехь деш ду. Амма кхуьнан шен билгало ю. Хьалхарчу хутIбанехь уьссазза такбир дийр ду, тIаккха «АллахIу Акбар» олуш уьссазза «Акбар» дина, АллахIана хастам а беш, Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салават а дуьллуш, весет дарца Делах кхерарца, Къуръанан аят дешарца, юккъехь доIа долуш, рузбанехь доьшуш ма-хиллара хутIба доьшур ду. ДоIа динчул тIаьхьа шозлагIчу хутIбанехь ворхIазза «Акбар» доьшур ду. Цул тIаьхьа доIа дийр ду. Iарафат Iуьйранна дуьйна такбирш дийр ду «Айяму ташри» олу цунах. ГIурбанна урс хьокху денош билгалдевллачу деношкахь дийр тасбихь ду: «АллахIу Акбар, АллахIу Акбар, АллахIу Акбар ла илахIа иллаллахI валлахIу Акбар, АллахIу Акбар ва лиллахIи хьамд». Кхузза эр ду. ТIаккха «АллахIу Акбар ва лиллахIи хьамда кассийран ва субхьаналлахIи мукратан ва асила» олуш сатесчахьана дуьйна и «Акбарш» деш Iийде гIур ву, Iийд дехккалц «Акбар» деш. Иштта цу деношкахь и «Акбарш» дар суннат ду.  Дала вай йина Iамалш къобалйойла.
Зорбане кечам бинарг – А. Адамов

Обновлено (03.10.2013 14:11)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas