Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Баккхий нах доккха беркат ду

1 октябрь – Дуьненаюкъара хенарчу нехан де
Цхьа шира дийцар ду вайн халкъалахь дуьйцуш. Хьалха-хьалха заманахь ч1аг1делла ламаст хилла, къанвелла, к1елвисина воккха стаг, генна д1а а вуьгий, д1акхуссуш. Иштта и ламаст кхочушдеш, тускар чохь шен къена да эцна, вахана цкъа цхьаъ. Эххар а д1акхаьчна х1ара шиъ йиллинчу метте. Тускар чохь шен да а витина, юхавирзина к1ант. Иза гена валале дас г1ийла мохь тухуш, к1анте аьлла: 
- Х1ара тускар д1ахьо, и суна кхин оьшуш дац. Хьо д1акхуссу хан т1екхаьчча, хьан к1антана кийчча хир ду, керланиг дуца а ца г1ерташ.
Эццахь самаваьллачу к1анта, и сонта ламаст дохош, ц1а валийна шен да. Дала тоьхна хан кхалххалц, хаза кхаьбна цо иза. Х1етахь дуьйна ду олу воккхачуьнан дола дар, иза ларар. Далла бу хастам, вайн къоман уггар а дикачу г1иллакхех цхьаъ иза хилар. 
Дуьйцу Нохчийн Республикин къинхьегаман, мукъа ца хиларан, социальни хьашташ кхочушдаран министерствона чуйог1учу департаментан стационаран, стационар йоцчу, социалан хьашташ кхочушдаран декъан куьйгалхочо Аржакантов Мухьадис:
-Шайн ницкъ кхочу г1о до баккхийчу нахана вайн республикерчу бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни центраша. Церан 1уналли к1ел эцна ву 15662 стаг. Царна юкъахь ву 65 Сийлахь-боккха Даймехкан т1еман ветеран, х1усамдай кхелхина йисина 245 зуда, цхьалха висина 3127 стаг, 6587 къена стаг, 5018 г1о оьшуш волу стаг. Уггар ч1ог1а г1о-накъосталла оьшуш бу шайн доьзалш я уллера йиша-ваша доцурш, цомгашнаш, заь1апхой. Лулахошкара я центрийн белхахошкара доцург кхин г1о доцуш нах а бу. Церан 1уналлехь болу нах социальни белхахошна а, лор-йижаршна а т1еч1аг1бина бу. К1ирнах цкъа-шозза шайна т1еч1аг1бинчу нахера хьал-де хаа, церан хьашташка хьажа декхарийлахь бу центран белхахой. Тайп-тайпана ду центрийн белхахоша кхочушдеш долу хьашташ: нуй-горгам дар, юург кечъярехь г1о дар, чохь кег-мерса ремонт яр, кост-дехар д1асадахьар, мотт-г1айба диттар, могашаллина т1ехь терго латтор, лоьраллин хьалхара г1о дар. Кхачанан сурсаташца  а, молханашца а г1о дар нисло. Шайн таронашка хьаьжжина, баккхийчийн догъэцар ду иза. Центрийн коьрта 1алашо шен къаналлица, цамгаршца, г1айг1а-балица хало хьоьгуш, г1о-орца оьшуш верг ша цхьалха ца витар ю. Оцу 1алашоне кхача а г1ерта уьш. Цара беш болу болх толлуш тхо а ду.
Мухьадин белхан накъост а, коьрта говзанча а волчу Гериханов Анвара дуьйцу:
- Министерствон д1адолорца оха болх бо центрийн 1уналлехь болчу нехан 1ер-дахаран хьелаш лакхадаккхарна  лерина йолчу программаш т1ехь. Царна чуйог1уш ю республикехь сихонца лоьрийн г1одаран 18 бригада кхоллар, г1оличу билламаш т1ехь цергийн лоьраллин кабинетехь баккхийчу нахана кхеманаш дахкар, технически г1ирсаш (1асанаш, г1адалкхаш…) мехах лело яларан меттигаш схьаеллар. Дика ду социальни хьашташ кхочушдаран комплексни центрийн белхахошкара баккхийчу нехан цхьана г1о хуьлуш хилар. Амма и кхачаме дац. Доьзалшкахь а, гергарлонан гонашлахь  а, вайн дайн 1адаташца дог1уш ма-хиллара, сий-лараме хила веза воккха стаг, цаьрца лараме хила деза юкъараллин меттигашкахь а. Мел товш хуьлу нах д1асалелочу машенахь шоферо воккхачуьнгара мах ца эцча, цхьанхьа рог1ехь лаьттачара воккханиг хьалха валийтича, г1аш вог1уш иза велахь,  машенахь и д1акхетийча, улле нисвеллачо цуьнгара еза ларча схьаэцча. Воккхачунна некъ битар а, охьахаа меттиг ялар а, цуьнан дош лардар вайн ц1ийх доьлла хила дезаш ду.
Юьртахь а, доьзалехь а баккхий нах хилар доккха беркат ду. Цаьрца ду дахаран зеделларг, цаьргахь ларделла дайн оьзда г1иллакхаш. Царах дахарна 1амар, церан дола дар вайх х1ораннан а адамаллин декхар ду.
А. Шайхаев.  

Обновлено (03.10.2013 14:44)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas