Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Нохчийн мотт кхиорехь сирла лар йитинарш

МАМАКАЕВ МОХЬМАД
Вина 1910-чу шеран 16 декабрехь Т1ехьа-Мартанахь.
Юккъера школа цо чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалахь. 1926-чу шарахь иза Москва Малхбалехьарчу къинхьегамхойн коммунистически университете деша вохуьйту. Университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа Мамакаев Мохьмада жоьпаллин белхаш бира пачхьалкхан органашкахь а, тайп-тайпанчу учрежденешкахь а.

Мамакаев Мохьмад яздан волавелла шен 15-16 шо долчу хенахь.
Поэтан дуьххьарлера стихотворенеш арайийлина «Серло» газетан агIонаш тIехь. Цуьнан стихотворенийн хьалхара книга зорбатоьхна 1930 шарахь. «ДоттагIалла» цIе а йолуш поэтан дуьххьарлерачу стихийн сборник ю иза. Оццу шарахь «Серло» издательствехь арайолу Мамакаев Мохьмадан «Коминтерн» цIе йолу очерк а.
Ша яздан волавеллачу хьалхарчу муьрехь дуьйна а лирически стихотворенешца цхьаьна яккхий поэтически произведенеш а язйина Мамакаев Мохьмада. 1936 шарахь арайолу авторан «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» цIе йолу стихийн, поэмийи сборник. Цу тIехь зорбатоьхна ю «ЦIий хуьйдина лаьмнаш» цIе йолу поэма а. Нохчийн къоман исторехь ХIХ бIешарахь хилла драматически хьелаш ду поэми тIехь исбаьхьаллин кепехь луьстуш.
Цул тIаьхьа поэта язйира оцу хенахьлерчу литературехь тоьллачарах йолу «Ненаца дина къамел» поэма а.
1930-чу шерашкахь Мамакаев Мохьмад хаддаза дакъалоцуш хилла Нохчийчоьнан литературни дахарехь. Иза куьйгаллехь а волуш арадийлина «Итт бIаьсте», «Кхиам» цIерш йолу литературни журналаш. 1940 шарахь Соьлжа-ГIалахь «Серло» издательствос арахоьцу Мамакаев Мохьмадан йоьалгIа поэтически сборник. «Суй» цIе йолчу оцу сборник тIехь зорбатоьхна яра поэтан тоьлашха йолу стихашший, поэмашший.
Мамакаев Мохьмадан поэтически похIма кхоччуш схьаделладелира 50– 60 шерашкахь. МаьIнин кIоргалла, исбаьхьаллин говзалла шайца йолу дуккха а произведенеш язйо Мамакаев Мохьмада поэзехь а, прозехь а. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь ткъех сов книга араяьлла цуьнан оцу 15-16 шарахь.
Царах ю поэтически сборникаш «Сан некъан кехат» (1958), «Хаьржинарш» (1962), «Со вуха вогIур ву» (1963), «ТIулгаша а дуьйцу» (1966), «Утро над Аргуном» (1958), «Разговор с матерью» (1959), «Дуб над Ассой» (1961), «И камни говорят» (1968); прозин книгаш «Ша метахбаьлла» (1957), Даймехкан некъаш» (1960); романаш «Революцин мурд» (1962), «Зеламха» (1968).

Обновлено (25.04.2017 12:37)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas