Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Ненан мотт нохчичунна хаа безаш бу!

 Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, сийлахьчу денойх дерг а нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай хIора шарахь 25-чу апрелехь. Стеган къам къастош берг буьйцуш болу мотт бу.

Цу хьокъехь нохчийн меттан проблемаш йийцаре еш, иза Iалашбар, кхидIа а кхиор, герггарчу хенахь билгалдан дезарш цхьалха а дохуш, интервью ийцира «Ан-Нур» газетан корреспондента Зурушов Лом-Iелас Нохчийчохь дика вевзаш, нохчийн яздархойн кхеташонан коьртехь волчу Ибрагимов Кантера.– Канта Хьамзатович, наггахь дуьйцуш хеза вайна нохчийн мотт Iамо оьшуш дац, коьртаниг - оьрсийн, ингалсан меттанаш хаар ду. Цу хьокъехь хIун эр дара ахь?
– Суна иштта х1уманаш дуьйцуш болу нах хIинца а тIекхачаза бу. Амма бакъду, тахана ингалсан, китайски меттанаш хууш хилча дайш-наношна моьтту шайн доьзалхочунна сискал яккха атта хир ду. Оцу доьзалхочо сискал яккха там бу, ткъа оцу доьзалхочух царна доьзалхо хир вац. ХIунда аьлча нохчийн мотт хууш ца хилча нохчийн са, ойла яр, лаам хир бац церан. Вайн мотт ша-тайпа бу. Цхьа кIеззиг нах бен бац вайн мотт хууш, иза буьйцуш.
– Нохчийн меттан оьрсийн а, кхидолчу меттанийн санна статус юй?
– Юридически агIор вай дийцича нохчийн пачхьалкхан коьрта ши мотт бу. Иза билгалдаьккхина ду Нохчийн Республикин Конституци т1ехь 10-чу статья т1ехь. Хьалхарчу пунктехь яздина ду: «Нохчийн Республикин пачхьалкхан меттанаш ду нохчийн а, оьрсийн а меттанаш». Оцу гойту нохчийн меттан статус.
– Мотт кхидIа кхио новкъарло еш таханлерчу дийнахь хIун ду?
– Коьртаниг хIун ду аьлча, тахана школашкахь кIезиг сахьташ ду нохчийн меттан предметашна делла, университеташкахь нохчийн меттан отделенеш ю, амма цига деша баха ца лаьа вайн кегийрхошна. Хьал муха ду аьлча хIокху тхан яздархойн союзе редактуре, корректуре говза, цIена нохчийн мотт хууш вало жима стаг карош вац тхуна.
– И хьал тодан хIун дан деза вай?
– Тахана уггар хьалха нохчийн мотт хууш болу специалисташ кхио беза вайн университеташкахь. Цу т1ехь царна массочу агIор гIо а деш. И гIуллакх тадалийта уггар кIезиг шарахь итт специалист кечван веза.
– Интервью дIаерзош тIедогIучу нохчийн меттан дийнах лаьцна хIун эр дара ахь?
– Далла бу хастам оцу тайпа де долуш, вайн паччахьо Рамзана Ахматовича билгалдаьккхина. Вай, Дала мукъ лахь, керла заза даьккхинчу 25 оханан беттан и хаза де нохчийн духарш доьхна арадевлла даздийр ду. Оцу дийно гойту вайн мотт бисар, кхиар мел мехала ду!

Обновлено (25.04.2017 14:11)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas