Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Нохчийн мотт кхиорехь сирла лар йитинарш

НАЖАЕВ АХЬМАД (1895 – 1943) Нохчийн исбаьхьаллин литература йолийнчарах ву поэт, прозаик, фольклор гулъярхо, школашна язйинчу дешаран книгийн автор Нажаев Ахьмад. Нажаев Ахьхмад вина 1895 шарахь Йоккхачу-АтагIахь, ахархочун Идиган доьзалехь.

Дуьххьара йоза-дешар хьуьжарехь Iамийна Нажаев Ахьмада. Цул тIаьхьа ша оьрсийн мотт а, йоза а Iамийна. Хьехархойн курсаш чекх а яьхна, 1923 шарахь Йокхачу-АтагIахь юьхьанцарчу школе хьехархочун болх вахна иза. Оцу хенахь, хьехархочун балхаца цхьаьна, доккха гIуллакх дина Нажаев Ахьмада нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъярехь. Цо дуккха а иллеш, эшарш, туьйранаш, дийцарш дIаяздина. 1926 шарахь дуьйна "Серло" газета тIехь арайовла юьйлаелира Нажаев Ахьмадан дуьххьарлера стихотворенеш. 1934 шарахь араелира Нажаев Ахьмадан стихотворенийн сборник "Керла дуьне". 1935 шарахь оьрсийн маттахь Москвахь араяьллачу «Поэты Чечено-Ингушетии» цIе йолчу поэзин сборника юкъаяхара Нажаев Ахьмадан «Отпор», «Красноармейская песня», «Советскому писателю», «Величие науки» цIерш йолу стихаш. Пятигорскехь 1937 шарахь араяьллачу «Поэты советской Чечено-Ингушетии» цIе йолчу стихийн сборника тIехь а яра Нажаев Ахьмадан «Мужественный ленинец», «Славный путь», «Конники», «Пондур» цIерш йолу стихотворенеш. Цу тайпана йоккхачу советан пачхьалкхехь кхечу къаьмнашна а евзира Нажаев Ахьмадан поэзи. Нажаев Ахьмада поэзин яккхийчу жанрашкахь а болх бина. 1936 шарахь араяьлла цуьнан "ЖаIу" цIе йолу йоккха поэма. Сталински зулам даьржинчу хенахь, 1937 шарахь лаьцна дIавигна Нажаев Ахьмад, Чувоьллинчохь 1943 шарахь кхелхина лору Нажаев Ахьмад. Поэтан цхьайолчу произведенешна юха зорбатоьхна. "Хаьржинарш" цIе йолу цуьнан поэтически сборник араяьлла 1967 шарахь. Нажаев Ахьмадан кхолларалла 20-30 шерашкахьлерчу нохчийн поэзин цхьа агIо ю.
Даймехкан тема, керла дахар дIахIоттор, цунна новкъарло еш долу хIуманаш дIадахар, къаьмнашна юкъара доттагIалла кхиор – иштта теманаш яра Нажаевн кхоллараллехь коьртанаш.
Нохчийн литературин исторехь шен цIе а йолуш, литература йолийнчеран могIарехь лаьтташ ву поэт Нажаев Ахьмад.

Обновлено (25.04.2017 14:19)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas