Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Зульхьиджат беттан дозалла

Т1екхача герга бу бусалба динан беза бутт, иза бу хьаьж даран бутт. Зульхиджат вайн наха гIурбанан бутт олуш бу. ХIокху беттан итт де Дала Къуръан чохь хьахийна ду,

Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь хьахийна а ду. Далла дукхадезаш денош ду уьш.
Оцу итт дийнахь шайн Iамал яр совдаккхалаш, сагIа далар, тасбихь дар совдаккхалаш. СубхьаналлахI валхьмду лиллахI, вала илахIа иллаллахI валлахIу акбар;
Оцу итт дийнахь, шен ницкъ кхачахь, марха кхабар деза ду. Элчано аьлла (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): "Х1окху итт денчохь цхьа марха кхаьбнарг дийнна шарахь марханаш кхаьбнарг санна ву шуна". Оцу деношна юкъадогIуш ду хьаьждар. Деза дийцина долу Iарафат хIокху итт денчу догIуш ду. Оцу Iарафат дийнахь Дала жоп луш ду динчу доIанна. Оцу дийнахь марха кхаьбначунна шина шарахь марханаш кхаьбча санна кафарат ду. Иштта деза денош ду хIара итт де. ХIокху денош чохь ма-хуьллу Далла Iамал ян еза. Вовшашна юкъара вас дIаяккха еза, ша халахетар динехь шена къинтIерабаха беза. Хаза дош аларца мелла диканехь совдовла деза.
Дала Шен халил вина волчу Ибрах1има (Делера салам хуьлда цунна) гIурба ден тIедиллина денош хIокху Зульхьиджат бетта чохь ду. Дала гIурба де тIе хIунда диллина дуьйцур ду. Жайнашкахь дуьйцу: Джабраил малико хаьттина хиллера боху Деле: "Хьан халил хила хьакъ вуй-те Ибрах1им пайхамар? Шен доьзал болуш, зуда йолуш, шортта рицкъ а долуш волу иза дуьнено Iехор волуш вуй-те иза?" Дала аьлла: "Цуьнан дийне ма хьежалаш, цуьнан дагчу хьажалаш". Джабраила Деле дехар дина: "Суна зен бакъо лохьа Ибрах1им пайхамар". Т1аккха Джабраил малико, адаман суьрте а даьлла, хаьттира боху Ибрах1им пайхамаре: "ХIара даьхни хьенан ду алахь соьга?" Ибрах1им пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) элира: "АллахIан ду. Цкъа хIокху сахьтана сан карахь ду". Джабраил малико элира: "Цхьаъ лохьа суна". Ибрах1им пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) аьлла: "АллахI хьахавехьа ас кхоолгIа дакъа дIало хьуна". "Суббхьонул къуддусан раббуна ва раббул малаикату варрухь»-, аьлла Джабраил малико тасбихь дира. ИбрахIим пайхамара юха а аьлла: "Кхин цкъа а хьахавехьа АллахI дисина даьхни ши дакъа а дина цхьа дакъа дIало ас хьуна". Джабраил малико шолгIа а тасбихь дира: "Субхьонул къуддусан раббуна ва раббул малаикати варрухь". КхозлагIа Ибрах1им пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) аьлла: "Кхин а хьахавехьа ас дисина даьхни а дIа ма ло хьуна". Джабраил малико кхозлаг1а тасбихь дира. Ибрах1им пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) элира: "Ахь доьазлаг1а а АллахI хьахавахь ас сайн дерриг а даьхни дIалур ду-кх хьуна". Джабраил малико доьазлаг1а а тасбихь дира. ТIаккха ИбрахIим пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) шен белхалошка кхайкхам бира: "Сан бахам, сан даьхни, шу, сан белхалой, хIокху стагана тIаьхьа дIагIо, со хIинца хIокхуьнан лай ву". Цул тIаьхьа, и дика лай вуй хиъча, Джабраил малико элира: "Со хьо леван деана дара, хьо хьайн бахамах Iехалой хьажа, делахь со галдаьлла хилла, суна ца оьшу хьан даьхни а, хьан бахам". Ибрах1им пайхамара (Делера салам хуьлда цунна) аьлла: "Бахам, даьхни ца эшар суна, ас сайн хилча доьзалхо дIалур вара".
Цул т1аьхьа хан зама яьлча Ибрах1им пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) доьзалхо хилира. 7-8 шо кхаьчначул тIаьхьа (цхьадолчу меттигашкахь 12-13 шо бохуш дуьйцу) Ибрах1им пайхамаран цунах самукъадаьллачу хенахь Дала аьлла боху: "Айхьа дина хIуьзар дагадогIий хьуна, доьзалхо дIалур вара, аьлла".
ИбрахIимна шен кIантана гIурбанна урс хьакха бохуш, гIенаш гуш, гIайгIане лелаш хилла. ИбрахIим пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) гIайгIане хилла и гIенаш Делера ду-те, я шайтIанера ду-те бохуш. ГIенаш Делера дуй хиъча, шен кIантана гIурбанна урс хьакха сацам бина цо. Дала боккха къинхетам бина Джабраил малике Ялсаманера кIайн ка баийтина гIурбанна урс хьакха. Цу тайппана Исмаь1ал Дала хьалхаваьккхина урс хьакхаран балех.
Цу тIера схьадогIуш ду гIурба даран Iадат. ГIурбанан деношкахь шена тIера гIурба деш волчо маIар, мас ца хадийча дика ду.
ГIурбанна вайн бежана, уьстагI, эмкал, газа, йийча вайна гIурба тIера долу.
ГIурбанна урс хьакхаран Iалашо ю:
Ахь цIе тухий, доьзална тIера, хIусамаш тIера гIурба доь. Цуьнан долчу къиношна гечдо. Дала тIедогIуш долчу зенах- зуламах хьалхавоккху. ГIурбанан итт денчохь маIар, мас хадо мегар дац, цIе тоьхна гIурба дуьйш волчо. Урс хьокхуш йолу хIума шен ницкъ ма-кхоччу хазниг, сакхталла доцуш хила еза. ГIурбанна цIе тоьхнарг цуьнга хьажийта веза, йуьйчу хенахь теш хилийта шен гIурбанна. ГIурба кхаа декъе декъа деза: ши дакъа дIадекъа деза, чохь цкъа йаахIума яллал дитина диснарг дIадекъча деза ду.
ГIурбанан жижиг дохка мегар дац. ЦIока йохка мегар дац. ЦIока сагIийна дIало, цо йохка мегар ду. ГIурбанан дийнахь гIурба дер санна еза Iамал яц. Цундела гIурба ден деза.
Дала ийманчохь нисдойла вай. Дала Шен къинхетам бойла вайх. АллахIа вайн гIурбанаш а, Iамалш а къобалйойла. Хьаьж дихкинчуьнан Хьаьж къобалдойла.
А. Зелимханов

Обновлено (17.08.2017 23:03)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas