Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Аллах1 буьрса ву та1зарехь

Сийдолчу Къуръанан дуккха аяташкахь, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисашкахь кхайкхам бу диканиг де, сагIа ло, аьлла. Иштта цхьадолчу аяташкахь боху: «Ламазаш делаш, сагIа лолаш. Боккъалла, АллахI аш дийриг гуш ву». «Вовшашна гIо деш хилалаш диканца а, Делах кхерарца а, амма вовшашна гIо ма делаш къинош деш а, девнаш деш а. АллахIах кхералаш. Боккъалла, АллахI буьрса ву таIзарехь». 
Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь аьлла: «ХIора дина дика – иза сагIа ду». «Веллачул тIаьхьа Делан лено деш долу гIуллакхаш дIаяздечуьра совцу кхоъ хIума доцург: даиманна долу сагIа а, цо битина болу дика хьехам а, цунна доIанаш деш болу дика доьзал а».
Барт ца хоттуш Дала ялсамане йохуьйтур йолуш 4 тоба ю, аьлла ду: хьаьжой, шахIидаш (гIазотехь дIакхелхинарш), Iеламнах, комаьрша нах.
Къематдийнахь уггаре езаниг, Далла къаьсттина дукхаезнарг муьлхарниг ю хьовсур бу, боху, цу еа тобанах берш. Церан къовсам баьлча, царна юкъахь хьукма дайта Дала Джабраил-малик доуьйтур ду, боху. Хьаьжоша эр ду, боху, шаьш массарал деза ду, бусалба динан коьртачу фарзех цхьаъ - ХьаьжцIа вахар - кхочушдинчех шаьш хиларе терра. ТIаккха Джабраил-малико хоттур ду, боху: «Шуна хьаьнгара, муха хиира ХьаьжцIа вахар оццул деза хилар?» - аьлла. Хьаьжоша жоп лур ду боху: «Iеламнаха дийцарехь хиира»,- аьлла.
ГIазотехь эгначу шахIидаша эр ду, боху, шаьш деза ду Далла хьалха, цундела хьалха ялсамани чу даха шаьш хьакъ ду, аьлла. Цаьрга а хоттур ду боху Джабраил-малико: «Шуна муха хиира гIазот даккхар оццул деза хилар?» - аьлла. Цара а эр ду, боху, шайна иза Iеламнахера хиъна, аьлла.
Шозза а шайн цIе яьккхича, Iеламнаха эр ду боху, Iилма Iамо тхан таро хир яцара комаьршачу наха тхуна гIо деш ца хиллехьара, аьлла. Цу тIе а доьгIна, хьаьжойл, шахIидел, Iеламнахал а беза лерина комаьрша нах, Делан дуьхьа цара доккхуш долу сагIа бахьанехь.
Вайн дайша, шаьш къинхетаме а, вовшах доглазар долуш а хиларна, гIийлачарна, мискачарна къайлаха луш хилла сагIа, царна эхь-бехке ца хилийтархьама. Оцу балхо гIийлачарна аьтто беш хилла шайн къелла лан а, халонех кIелхьарадовла а.
Хьомсара вежарий, йижарий, вайна тIехь ду оцу декъехь къахьегар, цунах вешан дахаран бух а бина. Вай дицдан ца деза, мел кIеззиг делахь а, динчу диканна АллахIа диканца бекхам бийриг хилар. Ницкъ ма-кхоччу сагIийца совдевр ду вай, Дала мукъ лахь.
А. Шайхаев

Обновлено (05.11.2013 10:10)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas