Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Дала т1аьхье беркате йойла вайн!

Марха даьстинчул тIаьхьа ши бутт а, итт де а даьллачул тIаьхьа, бусалба нахана тIекхочу беза гIурбанан бутт. Вайна Дала вазвина ваийтина волу Мухьаммад-Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Дуьненан денойх Далла дукхадезаш дац гIурбанан беттан хьалхара итт де санна цхьа а. Цу дезачу деношкахь кхаьбна марха шарахь кхаьбначу мархийн метта ду. Везачу, Воккхачу АллахI-Дала вайн умматна деза совгIат а деш даийтинчу шина Iийдах цхьаъ ду гIурбанан Iийда. ГIурбанан дозалла дуьйцуш долу хьадисаш дукха ду.  ГIурбанан дезачу деношца вайн махкахой декъалбеш Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана элира: «ТIекхочуш ду деза гIурбанан денош. Бусалба наха и деза денош тIекхочуш цомгашчарна гIо-накъосталла до, де эшначийн дог оьцу, церан хьашташка комаьрша хьовсу. Ша дийна волчу хенахь Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) хьожура сагIа оьшург мила ву. Царна шен къинхетаме а, комаьрша а куьг кховдадора цо».
ГIурбанна урс хьокху денойн сий дарца, уьш ларарца цIеначу бусалбанаша карладоху Исламан оьзда ламасташ, синмехаллаш, кхойкху къинхетаме, собаре, оьздангалле, лулахойн гIайгIа беш хиларе. ГIурба дерца цара гойту шаьш Веза а, Лекха а волчунна муьтIахь хилар. ГIурбанан сагIадаккхаран Iадат – иза гIийла-миска бохкучаьргахь дикане сатийсам кхолларан хьоста ду, дог-ойла гIатторан некъ бу. Шеца йоьзна дика ойланаш, сатийсамаш болчу оцу гIурбанна урс хьокхучу деноша адамашна юккъера уьйр-марзо чIагIйо, адамийн вовшашца долу гергарло чIагIдо, юкъараллехь дика ойла, къинхетам, вовшашка безам а, лерам а кхуллу.
Дала къобалдойла бусалба нехан гIурбанаш! Иман-беркат лаьттийла, доьзалшкахь, ирс, токхо хуьлийла, могашалла латтийла даиманна а! Дала тIаьхье беркате йойла вайн!
Шугаипова ПетIамат

Обновлено (05.11.2013 10:17)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas