Get Adobe Flash player

Поиск

Фоторепортаж

001

Наши Друзья

  
 img dobro
 
 
 Tudaiy
 
 
 
  
FADN Logo-02 
 

Ламазан суннаташ

Хаар-пайда
1. «Истифтахь» доIа дешар.
Иза – ламаз дIадихкинчу хенахь, «Акбар» аьллачул тIаьхьа доьшуш долу доIа ду: «СубхьанакаллохIумма ва бихьамдик, ва табарокасмук, ва таIала джаддук, ва ла илахIа гIайрук» – «ЦIена ву Хьо, я АллахI! Хастам бу Хьуна! Сийлахь ю Хьан цIе! Лекха ду Хьан возалла! Хьо воцург, кхин дела а вац» (веамма дийцина).

Кхин цхьа доIа а ду: «АллохIумма баIид байни ва байна хатIайайа, кама баIадта байнал машрикъи валмагIриби, АллохIумма наккъини мин хатIайайа кама йунаккъассовбул абйаду минадданаси, АллохIуммагIсилни мин хатIайайа биссалжи валмаи валбаради» – «Я АллахI! Сан къинош суна гена даха Ахь - Айхьа малхбале а, малхбузе а вовшашна гена яккхаре терра. Я АллахI! Сан къинойх дIацIанве Ахь со - кIайн коч моданах дIацIанлуш санна. Я АллахI! Суна тIера сан къинош дIадила Ахь - лайца а, хица а, шаца а».
Ламаз дIадихкинчул тIаьхьа доьшучу доIанех хаьржина царах муьлххарг а цхьаъ дешчахьана кхачам бу.
2. «Фатихьат» деша волавалале хьалха АллахIехь кIелхьараволийла а, ларвар а лохур ду, олуш: «АIузу биллахIи мишшайтIонир рожими» – «АллахIаца ларло со - Цо Шен (къинхетамах) даьккхина, генна эккхийначу шайтIанех».
3. «АIузу» аьллачул тIаьхьа бисмилла доккхур ду.
4. «Фатихьат» дешна ваьлча, «Амин» эр ду.
5. «Фатихьат» дешна ваьлча, хьалхарчу шина ракаIатехь сурат доьшур ду: Iуйьра-ламазехь, рузбанехь, маьркIаж-ламазехь, хIора деа ракаIатах лаьттачу ламазехь, хьалха имам а воцуш, ша а хIоьттина ламаз деш волучуьнан суннат-ламазашкахь а.
Амма, хьалха имам а волуш, цунна тIаьхьахIоьттина ламаз деш волчо имамо сурат меллаша доьшучу ламазашкахь - сурат доьшур ду, имамо сурат чIогIа доьшучу ламазашкахь - доьшур дац.
6. РукуIера хьала а нисвелла, «СамиIаллохIу лиман хьамидахI» аьллачул тIаьхьа хIара доIа доьшур ду: «Роббана ва лакалхьамду, милъассамавати ва милъаларди, ва ма байнахIума, ва милъа ма шиъта мин шайъин баIду. ОхIлассанаи валмажди, ахьаккъу ма къолал Iабду, ва куллуна лака Iабдун. АллохIумма ла маниIа лима аIтIойта, ва ла муIтIийа лима манаIта, ва ла йанфаIу залжадди минкалжадду» – «Тхан Дела! Хастам бу Хьуна! Cтигланаш а юьззина, латта а дуьззина, цаьршинна юккъехь дерг а дуьззина. Хьуна мел лиъна хIума а юьззина. ХIай хастаман а, возаллин а охIла верг! (ХIара сан дешнаш) Хьан лено олучарех уггаре бакъдерг ду, тхо массо а Хьан леш а ду. Я АллахI! Ахь делларг сацо а вац цхьа а, Ахь сацийнарг дала а вац цхьа а. Дуьненан ирс долчунна цуьнан ирсо цунна пайда бийр бац - хIунда аьлча ирс Хьоьгара ду» (Муслим).
7. РукуIехь а, сужданехь а цхьаннал сов даьккхина олуш долу тасбихь: «Субхьана робббийал Iазим» (ЦIена ву сан Воккха Дела) - рукуIехь, «Субхьана роббийал аIла» («ЦIена ву сан Лекха Дела») - сужданехь.
8. Шина сужданан юккъехь, охьа а хиъна дIанисвелча, олуш долучу «РоббигIфирли» (Сан Дела! Гечде Ахь суна) доIанал а кхин тIе сов даьккхина деш долу доIа.
9. ТIаьххьара доьшуш долу «Аттахьиййат» дешначул тIаьхьа доьшуш долу доIа: «АллохIумма инни аIузу бика мин Iазабилкъабри, ва мин Iазаби джахIаннама, ва мин фитнатилмахьйа валмамати, ва мин шарри фитнатил масихьиддаджали» – «Я АллахI! Со Хьоьца ларло кошан Iазапах, жоьжахатин Iазапах, вахаран а, валаран а питанах, Даджалан питанах а» (Бухари, Муслим).
Ламаз деш волчунна диках а, дезах а, пайдехь а, суннатехь а ду - сужданехь деш долчу доIанна тIехь тоам а ца беш, кхин а тIе доIанаш дар, пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадис долун дела: «Лай шен Далла уггаре уллехь хуьлуш йолу хан (меттиг) – иза сужданехь волу хан ю, ткъа доIанаш дукха дойла аш цигахь» (Муслим).

Обновлено (16.10.2017 13:17)

 

Мы в социальных сетях:

855962 s fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas
button-mag-sign

Абитуриентам