Get Adobe Flash player
button-mag-sign

Поиск

Ийманан хазна - гIиллакх хилар

 Цхьанна а къайлаха дац баккхийчаьрца гIиллакх леладар вайн нохчийн къоман мехала хIума хилар. Вайнехан юкъараллехь къанойн юьхькIайлла хилла.

ХIора юьртахь къанойн хьехам хилла, цу хьехам юккъе боьлхуш хилла уггаре а хьомсара тукхаман векалш, цара къастош хилла вайн къоман хьакъ долу хаттарш.
Къаноша гойтуш хилла баккхийчаьрца лело дезаш долу гIиллакхаш, кегийчаьрца хила безаш болу къинхетам.
ГIиллакхах лаьцна дуьйцу Соьлжа-ГIаларчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долчу коьртачу маьждиган имама Абдулаев Аслана.
«Тахана вайн гIиллакхаш мелла гIелделла. Дукхахболчу нахана моьтту дин Ислам ша ду, гIиллакх ша ду. ГIиллакх бохург хIун ду?
Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьаб хилла волу Абу ХIурайрас (Дела реза хуьлда цунна) аьлла гIиллакхах лаьцна: «ГIиллакх хилар – юьхь къегина хилар ду, шегара диканиг далийтар ду, вониг ца далийтар ду».
Цхьацца болчарна моьтту бусалба дин гIиллакх доцуш деккъа Iибадат ду.
Цара шайга хаттар дан деза: Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайна ваийтаран Iалашо хIун ю?
Иза ваийтина хилла вайна юкъахь сий долу гIиллакхаш даржо а, и гIиллакхаш вайна довзийта а, уьш чIагIдан а.
Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен хьадисехь аьлла: «Баккъал а, Дала со ваийтина, сийлахь долу гIиллакхаш даржо».
Дала аьлла Шен Сийлахьчу Къуръана чохь: «Я Мухьаммад! Оха ма ца ваийтина хьо, дерриге Iаламах къинхетам беш бен».
Дала ваийтина вайна Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Ша мел кхоьллинчух къинхетам беш: адамех, даьхнех, гIа-бецах.
Цхьана къомана юккъехь харцо яьржина хилча, хIума лачкъор даьржина хилча, зулам даьржина хилча, воккханиг лоруш ца хилча, жимачух къинхетам беш ца хилча, зударийн сий деш ца хилча, оцу къомана юккъехь къинхетам хир буй-те? Хир бац. И къам дерза деза Делан Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахкийтина долчу сийлахь долчу гIиллакхашка. ТIаккха и зуламаш вайна юккъехь хир дац.
Дала вайна тIедиллина долчу Iибадато Iамадо сийлахь долу гIиллакхаш. Масала: ламазо Iамадо стагана шен дегIаца, бедарца цIена хила а, дийнахь Далла хьалха хIуьттуш, ша Делан лай вуй хаа а. Ша лай вуй хиъча цуьнан дагчуьра куралла дIайолу, Дала и стаг вочух ларво. Марха кхабаро стагана хоуьйту мискачун хьал-де, цуьнан хьал-де хиъча, стагана хаа мацалла хIун ю, къинхетаме хуьлу и мискачу стагаца. Закат даларо стагехь комаьршалла кхиайо. ХьаьжцIа вахаро нахана юккъехь оьзда лела а, собаре а хила Iамадо.
Цхьана дийнахь Элчане (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) асхьабаша хаттар дина: «ХIай Делан Элча! Цхьа зуда ю ламазца а, марха кхабарца а чIогIа йолуш, делахь шена багахь болчу маттаца лулахошна зен деш ю иза. ХIун хир ду цунна?» Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) жоп делла: «Иза жоьжахати чохь хир ю». Цара юха а хаьттина: «Цхьа зуда ю ламазца а, марха кхабарца а чIогIа яц и, хьалха хьахийнарг санна, делахь нахана ша йолчу меттехь зен деш яц и. ХIун хир ду цунна?» Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Ялсамани чохь хир ю и».

Цу хьадисо ламаз кIезиг де ца боху, я марханаш ма кхаба ца боху, цу хьадисо гойту Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) деана долу сийлахь долу гIиллакхаш.
Вайн дайша хьалха заманчохь леладеш, сий деш схьадаьхкина ду и хаза гIиллакхаш. Тахана вай уьш леладахь, дин леладинчарах хир ду вай, уьш дIатесна хилахь, дин дIатесанчарах хир ду вай.
Дала вайна схьадахкийтина долу гIиллакхаш леладан а, кхидIа уьш лардан а доьналла, хьекъал лойла. Дала Ша реза волчу некъа тIехь вай нисдойла! Амин!»
А. Берсанов

Обновлено (15.01.2019 10:37)

 

Мы в социальных сетях:

 fb icon 325x325 twitter-icon odnoklassniki vk instagram-logo-468

Наши газеты

О нас

o nas